Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дІахьакхаелча, со толур яра». Цара, Іийсан бедарх куьг Іоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Іоьттинарг, то а лой, дІахІуттура. Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гІаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тІе а балабой, чІогІа доьхура Іийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дІахІуттура. Дала ПахІалан куьйгашца инзаре хІуманаш дора. Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дІа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тІейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.
Выбор основного перевода