Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу оцу хІуманийн тешаш хилла дІахІуьттур ду. Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гІо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох». Амма шуна тІе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхІуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а». Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хІуманна тхо тешаш а ду. Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна.
Выбор основного перевода