Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІиман итт эмкал схьа а эцна, дуккха а тайп-тайпана цуьнгара долу деза совгІаташ а кечдина, Арам-НахІарайм-махкахь йолчу Нахьир Іийначу гІала вахара ялхо. Ас царна дуьхьал мадайхой бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу. Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву. Іейлам, тІамца тІегІо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дІасацор ду. Къуринара а, Искандарера а, Киликера а, Асиара а жуьгтий шена чубогІучу, «паргІатбевлларш» аьлла цІе йолчу жуьгтийн гуламан цІийнера цхьаболу нах Тапица къийса бевлира. Делан Сино бакъо ца елира ПахІалгІарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара. Дала леррина къобалвинчу Іийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дІасабекъабеллачаьрга. Маршалла ло церан цІахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тІебирзинчарах хьалхарниг ву. ТІаккха аса бохург хІун ду? Дуй те иза цІу цхьа хІума ю бохург? Я цІунна сагІина еанарг а юй те цхьа хІума ю аьлла хІума? Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш.
Выбор основного перевода