Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза Цо элира Шех тешаш болчара тІеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хІинца а Делан Са дацара, хІунда аьлча Іийса Дас сийлалла даза вара. Ткъа шуна гІо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хІума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна. Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гІо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гІалара дІа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. Амма Дала Иза, Эла а, кІелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тІедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агІор лаьтта Іийса а гира. «Хьовсийша, – элира цо, – суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агІор лаьтта Адамийн КІант а го», – аьлла. Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тІедоссарх,
Выбор основного перевода