Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цІийнан кертахь бара уьш. Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугІуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доІанаш деш а бара. ХІора денна Делан цІийнан кертахь а, цІеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара. КІийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахІала къамел дира тхоьца. ШолгІачу дийнахь дІаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Іийра хьехамаш беш.
Выбор основного перевода