Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!» Адамийн КІантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг». ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хІордах чекхваккхар. Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тІедиллинарг кхочушдира цара. Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тІаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа.
Выбор основного перевода