Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ. Цу хенахь хІорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КІелхьарбаьхнарш Дала Ша тІекхайкхинарш хир бу». Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тІедоссарх, Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХІорра а, Везачу Элан цІе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кІелхьарвоккхур ву». Шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хІинца Цуьнан цІийца гергара хилла.
Выбор основного перевода