Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цІов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу денна тІера дуьззина ворхІ кІира дагарде. Шовзткъе итт де дІадаьлча, ворхІалгІа шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кІен сагІа даккха. Шайн хІусамаш тІера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагІа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кІен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгІат хир ду иза. Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхІ Іахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгІа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кІен а, чагІаран а сагІанаш даха дезаш ду. ЦІера тІехь дохуш долчу оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Къинан сагІина цхьа бож а, бертан сагІина шо кхаьчна ши Іахар а кечбе. Везачу Элана хьалха шатайпа сагІа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Іахар а. Везачу Элана лерина деза сагІа ду иза. И сагІа динан дена дІадала дезаш ду. Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. Шайн лаьтта тІехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тІебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву». Везачу Эло Мусага элира: «Маьрсаца кІа хьокхучу хьалхарчу денна тІера ворхІ кІира дагарде. Цул тІаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуІот цІе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагІа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина. Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кІентий а, йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, шун гІаланашкахь Іаш болу левихой а, тІебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Іаш болу зударий а. Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доІанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Іийсан нана Марем а, Іийсан вежарий а бара.
Выбор основного перевода