Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эхартан зІенаш хьаьрчинера сох, Іожаллин бой яра суна хьалха. Іожаллин зІенаша дІалаьцнера со, дохаран тулгІенаша дІахьош вара со. Эхартан зІенаш хьаьрчинера сох, Іожаллин бой яра суна хьалха. Іожаллин машшех со тасавелла, эхартан къемат суна уллодаьлла, сингаттамо а, сахьийзаро а со охьатаІийна. Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хІуманна тхо тешаш а ду. амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала. Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дІадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца. Шен цІийца гуттар а болу барт чІагІбина волу вайн Веза Эла Іийса, уьстагІийн сийлахь Іу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала, Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу.
Выбор основного перевода