Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу. Ялхошна тІе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Іаь тухур ю Аса цу деношкахь. Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю стигалахь а, лаьттахь а: цІий, цІе, кІуьран бІогІамаш. Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. Цу хенахь хІорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кІелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КІелхьарбаьхнарш Дала Ша тІекхайкхинарш хир бу».
Выбор основного перевода