Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца, Ас чІагІо йина Сайн ялхо волчу Даудана: „Абаденналц Аса хьан тІаьхьенах стаг паччахь вина дІахІоттор а ву, массо а тІаьхьенашкахь хьан паччахьан гІант Аса лоттуьйтур а ду“». Везачу Эло чІагІо йина Даудана, Ша юхавер воцу ваІда дина Цо: «Хьан тІаьхьенах волчу стагана лур ю Аса ахь динчу тайпана паччахьалла дар. И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву.
Выбор основного перевода