Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла. Вуьшта, вежарий, суна хаьа, аша а, шун хьаькамаша а и гІуллакх шайна ца хаарна динийла. Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хІордах чекхваккхар. ХІинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза, шайн къинош дІадахийтархьама. Амма Дала Иза, Эла а, кІелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тІедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. Амма Делан олаллех а, Іийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гІалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура. ХІунда аьлча царна тІе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Іийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара. ХІун деш Іа хьо? Хьала а гІаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цІанло, Везачу Эле Іийсага кхойкхуш“.
Выбор основного перевода