Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогІалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а! Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош. Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугІучарна массарна а тІе Делан Са доьссира. Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тІедоссарх, хІунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТІаккха Кипас элира: ТІаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахІал олий, кхин цІе а йоккхура), нийсса Хьаломе дІа а хьаьжна, элира: Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара. ПахІала тІе куьйгаш а дехкина, царна тІе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хІиттира. Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш. Товрат-хьехамаш тІехь яздина ду: «Кхин меттанаш дуьйцуш болчаьргахула а, хийрачу махкахойн баганехула а къамел дийр ду Аса цу халкъаца – боху Везачу Эло, – амма тІаккха а ладугІур дац-кх цара Соьга».
Выбор основного перевода