Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауд-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Цунна тІехьа долу пенан дакъа тодеш Іазбукъан кІант Нахьми-ЯхІу вара. Иза ша Байт-Цурин ахдекъана тІехь хьаькам вара. Цо пен тобира Даудан къуббанашна дуьххьал йолчу меттиге кхаччалц а, иштта цигара дІа охкуш баьккхина болчу Іомана тІе кхаччалц а, цигара дІа Турпалхойн цІенна тІе кхаччалц а. Юха Дала ИбрахІимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахІима, Исхьакхан да ша хилча, борхІалгІачу дийнахь иза хадийра. ТІаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира. Тхьамданаша, Юсупца хьагІ а лаьцна, иза Мисар-махка лай санна воьхкира. Амма Делан лаам кхочушбеш гІуллакх дина волчу Даудан дегІ кхелхинчул тІаьхьа телхина дІаделира. Иза шен дайшна уллохь дІавоьллина вара.
Выбор основного перевода