Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гІаттий, лам тІе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дІахІотта. ТІаккха хьуна уллохула тІехвер ву Со». Оцу хенахь чІогІа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тІаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара. Мохк бегийначул тІаьхьа, цІе елира, амма цу цІерца а Веза Эла вацара. ЦІе чекхъяьллачул тІаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара. Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гІовгІа хеза, ткъа иза мичара богІу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хІора а Делан Синах кхоллавелларг а». Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош.
Выбор основного перевода