Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву. Іейлам, тІамца тІегІо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дІасацор ду. Оцу балхо Іадийначу сан дегІан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со. Сан дог холчохь ду, кхерамна со вегош ву. Суна езначу маьркІаженах къемат хилла суна. Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь. Юьхьа тІера хийцавелира иза. Ойланаша хьовзийра иза. Цуьнан настарш малъелира, голаш, бегош, вовшахбетталора.
Выбор основного перевода