Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу. Деших а, детих а мел йина хІуманаш а дІаяьхьира паччахьан гІаролхойн хьаькамо: бошхепаш а, богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш а, цІий чудуттуш долу боганаш а, тесаш а, къуьданаш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а, сагІанийн боганаш а. ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо. ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦІенна чуьра пхьегІаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гІарбашаша а царна чуьра чагІар мийлира. ХІумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тІулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеІар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира.
Выбор основного перевода