Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Іуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гІенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьІна дан ца хиира. Седа-жайна хьовсучара элира паччахье: «Дац-кх хІокху лаьтта тІехь цхьа а адам и гІуллакх паччахье дийцалур долуш, цундела цхьана а сийлахь а, нуьцкъала а волчу паччахьо и саннарг тІедожийна дацара цхьана а бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а. Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а. ХІетахь баьхкира бозбунчаш а, эвлаяаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а. Аса сайн гІан цаьрга дийцира, амма царна ца хиира цуьнан маьІна. Иштта гІан гира суна, Набухди-Нецар-паччахьна. Ткъа ахьа, Бел-Ташацар, цу гІенан маьІна де, хІунда аьлча, сан пачхьалкхера цхьанна а хьекъалалла долчунна ца хиира цуьнан маьІна дан. Амма хьоьга иза далур ду, хьоьца безачу деланийн са долу дела“».
Выбор основного перевода