Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Массеран а куьйгаш охьадахана хир ду, ткъа церан когийн голаш, хи санна, егош хир ю. Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ – ахьа ала деза: „Вайна тІекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тІекхаьчча, хІораннан дог, Іадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дІадаьлча санна, охьагІур ду, хІораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогІа, и хаам тІекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Амма, со кхеравеш, суна гинчу гІено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хІуьттучу суьрташа а синтем байира сан. «ТІаккха Бел-Ташацар цІе йолу Даниал цхьа хан яллалц цецваьллачохь Іийра, ойланаша сагатдора цуьнан. Къамел долош, паччахьо элира: „Бел-Ташацар! Ахь са ма гатде и гІан бахьана долуш а, цуьнан маьІнин бахьаненна а“. Бел-Ташацара, жоп луш, элира: „Сан олахо! Хьо ца везаш болчу мостагІашна хуьлийла цу гІенан маьІна. Иза талораш дина, яссийна, хІаллакйина. Дог деша, голаш егайо. Массеран меженаш чохь онда лазар ду. Массеран яххьаш макхъелла.
Выбор основного перевода