Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хІуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а. Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гІулч Цо ягар ца йо те? Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогІу. Кхечу къаьмнийн деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш ду, амма царна ца хеза, хІо дац церан батошкахь. Суна хаьа, Веза Эла, адаман карахь доцийла цуьнан дахар, цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар. ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо. ХІинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хІума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаІо Иза ницкъ болуш а ву». ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац». Амма ХІарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НІаьнаша ваарна, хІаллакьхилира иза. Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Іибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хІуманех дІа ца дирзира. Цара Іамал йора жинашна а, деших а, детих а, цІастанах а, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушна а, царна хІумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а.
Выбор основного перевода