Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Іилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гІенаш а, самах дуьхьалхІуьтту суьрташ а тида хаар делира. Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». ТІаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгІаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тІехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тІехь а коьрта хьаькам хІоттийра цо иза. Амма, со кхеравеш, суна гинчу гІено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хІуьттучу суьрташа а синтем байира сан. ТІаккха аса омра дира, Бавел-махкара берриге а хьекъалалла дерш схьабалабе аьлла, цаьрга сайна гинчу гІенан маьІна тидийтархьама. ХІетахь баьхкира бозбунчаш а, эвлаяаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а. Аса сайн гІан цаьрга дийцира, амма царна ца хиира цуьнан маьІна. ТІаьххьара а безачу деланийн са шеца долу, Бел-Ташацар цІе йолу Даниал веара суна тІе. (И цІе сан делан цІарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дІадийцира аса сайн гІан: „Бел-Ташацар! Бозбунчийн коьртаниг! Суна хаьа хьоьца безачу деланийн са дуйла а, цхьа а къайле йовза хьуна хала ца хуьлийла а. Кхетавехьа со суна гІенах дуьхьалхІоьттинчу суьртах а, цуьнан маьІнах а. Иштта гІан гира суна, Набухди-Нецар-паччахьна. Ткъа ахьа, Бел-Ташацар, цу гІенан маьІна де, хІунда аьлча, сан пачхьалкхера цхьанна а хьекъалалла долчунна ца хиира цуьнан маьІна дан. Амма хьоьга иза далур ду, хьоьца безачу деланийн са долу дела“».
Выбор основного перевода