Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цу къонахошна юкъахь бара ЯхІудан тІаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхІу а, Мишаал а, Іазар-ЯхІу а. Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гІуллакхехь а, паччахьо хІуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а. Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХІетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тІехь коьртаниг а вина, дІахІоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш, цуьнгахь, паччахьо Бел-Ташацар аьлла цІе хийцинчу оцу Даниалехь, къаьсттина дукха кхетам, хаарш, хьекъал дара. ГІенаш дийца а, ца кхетачун маьІна дан а, хала долу хІума цхьалхадаккха а хаьара цунна. Цундела Даниал схьавалавайта, тІаккха цо дуьйцур ду йозанан маьІна».
Выбор основного перевода