Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сан дог холчохь ду, кхерамна со вегош ву. Суна езначу маьркІаженах къемат хилла суна. Той кечдеш, охьаховша кузаш даржош – дууш а, молуш а бу нах. «ХьалагІовтта, хьаькамаш, турсаш тІе силам хьакха!» ХІунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта аьлла соьга: «Ваха а гІой, хехо хІоттаве. Шена гуш дерг схьадийцийта цуьнга. Говрашна а, варрашна а, эмкалшна а тІехь, шишша цхьаьна улло а хІиттина, богІу дошлой шена гича, цуьнга леррина ладогІийта а, чІогІа тидам байта а». Хехочо мохь хьаькхира: «Сан олахо! БІаьвнехь лаьтташ ву со де дийне мел дели, иштта хІора буса а ха деш ву со. Шишша цхьаьна хІиттина богІуш дошлой а, схьабогІуш нах а бу». Цул тІаьхьа цо элира: «Бавел-гІала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Іохкуш ду». Ас гураш доьгІнера хьуна, Бавел, хІинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дІалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дІалаьцна.
Выбор основного перевода