Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цо шен пІелга тІера схьадаьккхина мухІар Юсупан пІелга тІе доьллира, дуткъачу кІадинах дина духар цунна тІе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зІе оьллира. Шен шолгІа гІудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирІуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирІуно Мисар-махка тІехь куьйгалхо хІоттийра Юсуп. Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тІехь кІайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тІехь таьІна-цІен вēтанан тоьллачу кІадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гІалахь дІахІоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара. Хьан духар цунна тІе а дуьйхина, хьан доьхка цунна юкъах а дихкина, хьан дарж цунна дІалур ду Ас. Ярушалайман бахархошна а, ЯхІудан тІаьхьенна а да хир ву иза тІаккха. ТІаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгІаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тІехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тІехь а коьрта хьаькам хІоттийра цо иза.
Выбор основного перевода