Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ЯхІу-Якхам-паччахьо ЯхІуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгІачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гІалина го лецира. ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо. Арихана, сихха Даниал паччахьна тІе а вигна, элира: «Йийсарехь болчу ЯхІуд-махкарчу кІенташна юкъахь цхьа стаг карийна суна, паччахьна цуьнан гІенан маьІна дуьйцур долуш волу». «Йийсарехь болчу яхІудхойх волчу Даниала, я хьо, паччахь, я ахь чІагІбина болу сацам тергал ца беш, дийнахь кхузза доІанаш до, гора а хІуттий» – аьлла, дийцира цара паччахье.
Выбор основного перевода