Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма цара ла ца дугІура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера. Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. Везачу Эло соьга элира: «ДІаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гІанташна тІера охьабисса, хІунда аьлча церан кортошна тІера сийлаллин таьжнаш охьаэгна. «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тІехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а, Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дІаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дІадаьккхина иза. „ХІара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цІе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цІа хилийта йина йолу Бавел-гІала!“ И дешнаш аьлла а валале, паччахьна стигалара аз хезира: „Паччахь Набухди-Нецар, хьоьга боху, паччахьалла дІадели хьан! ХІинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хІума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаІо Иза ницкъ болуш а ву». Амма ХІарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НІаьнаша ваарна, хІаллакьхилира иза.
Выбор основного перевода