Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цо шен пІелга тІера схьадаьккхина мухІар Юсупан пІелга тІе доьллира, дуткъачу кІадинах дина духар цунна тІе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зІе оьллира. Хьо кІадъелла, хьайна дукха хьехарш дарна. Хиндерг хаархьама стигалш дІасайоькъучаьрга а, стигаларчу седарчех дерг толлучаьрга а, хІора баттахь хьуна хиндерг дуьйцучаьрга а, шайн метта схьа а хІиттина, хьо кІелхьаръяккхийта. Аса хьуна хаза жовхІарш а делира, пхьаьрсех хІазарш а доьхкира, коча исбаьхьа туьтеш а тесира. Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гІенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дІахІиттира. Нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а дийцахь, соьгара совгІаташ а, сийлахь-боккха ларам а хир бу шуна. Дийца хІинца сан гІан а, цуьнан маьІна а». ТІаккха аса омра дира, Бавел-махкара берриге а хьекъалалла дерш схьабалабе аьлла, цаьрга сайна гинчу гІенан маьІна тидийтархьама. Ткъа хьох лаьцна суна хезнера дуьйцуш, маьІна дан а, хала долу хІума цхьалхадаккха а хьуна хаьа аьлла. Делахь, хІара яздина долу йоза деша а дешна, ахь цуьнан маьІна дахь, хьуна паччахьниг санна долу цІен духар а тІедухур ду, иштта дашо зІе хир ю хьан кочахь, цул сов, сан пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг а волуш, олахо хир ву хьох!» Паччахьо оцу тхьамданашна тІе кхо эла дІахІоттийра, царех цхьаъ Даниал а волуш. Цу тхьамданашка пачхьалкхехь долу хьал элашка дІадийцийтархьама а, шена болучу пайданах ца валархьама а динера цо иза. Даниал кхечу элел а, тхьамданел а къаьсташ вара: цуьнгахь къаьсттина тІех долу хьекъалалла дара. Ерриге а пачхьалкхана тІехь иза коьртаниг а вина, дІахІотто дагадеанера паччахьна.
Выбор основного перевода