Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тІера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дІало. Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кІантана а, цуьнан кІентан кІантана а гІуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тІекхаччалц. ТІаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтІахь бийр бу. Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу. Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тІехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву! Далла уллора долчу гІарол-маликийн омрано билгалдаьккхина а дара, Далла уллохь болчеран кхелаца хІоттийна а дара, бехачарна хаийтархьама, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхашкахь олалла дойла а, уьш Шена луучунна Цо луш хилар а, адамашна юкъахь уггар а ларамза волчунна царна тІехь олалла далар а’. адамех хьо дІакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тІадор ву хьо. ВорхІ зама дІаер ю, адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале.
Выбор основного перевода