Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Тхойшинне а гІан гина, – жоп делира цара, – ткъа цунах дерг кхето стаг вац». Юсупа элира цаьрга: «Кхетор Делера дац ткъа? Дийцал суна шайн гІенаш». ЧІогІа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХІара йоза деша а дешна, цуьнан маьІна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цІен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зІе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах». ТІаккха, Белшацаран омрица, Даниална, и вазвеш, паччахьниг санна долу цІен духар а тІекхоьллира, коча дашо зІе а оьллира, иза пачхьалкхехь даржехь кхоалгІа олахо ву аьлла, дІа а кхайкхийра.
Выбор основного перевода