Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Массо а аренгарчу дитташна дІахуур ду Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла, ткъа лоха дитташ лакха дохийла. Сийна дитт Ас дакъадо, ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дІахІоттадо. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса». Цунна, адамийн кхетам дІа а баьккхина, экхан кхетам лур бу. Цунна ворхІ зама гур ю. адамех хьо дІакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тІадор ву хьо. ВорхІ зама дІаер ю, адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале. Адамех дІакъастош ву хьо. Аренгара дийнаташца вехар ву хьо. Бежанашца бецаш яор ю хьуна. Адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларна а, уьш Шена луучунна Цо луш хиларна а хьо къера хилале, ворхІ зама ер ю“. Набухди-Нецарна тІехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дІакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегІ стигалара тхино тІундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мІараш яра». «И денош дІадевлча, аса, Набухди-Нецара, бІаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахІоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан паччахьалла тІаьхьенашкара тІаьхьенашка ду. ХІокху лаьтта тІехь долу адамийн дахар хІумма а доцург ду. Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тІехь бехачарна тІехь а Шена луъург деш ву Иза. Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш, я „Ахь хІун дина?“ – аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш.
Выбор основного перевода