Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогІу. Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу. Кхечу къаьмнийн деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш ду, амма царна ца хеза, хІо дац церан батошкахь. ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦІенна чуьра пхьегІаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гІарбашаша а царна чуьра чагІар мийлира. ХІумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тІулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеІар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира. Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Іибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хІуманех дІа ца дирзира. Цара Іамал йора жинашна а, деших а, детих а, цІастанах а, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушна а, царна хІумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а.
Выбор основного перевода