Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шина стага элира зудчуьнга: «Ахь тхоьга яйтинчу чІагІонах тхо паргІат хир ду, нагахь ахь иштта ца дахь: тхо кху махка схьадаьхкича, тхойшиъ чувоссийначу корах хІара цІен тІийраг таса, ткъа хьайн да а, нана а, вежарий а – хьайн ден берриг а доьзал хьо Іаш йолчу цІа чу гулбе. Нагахь цІа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цІа чохь волчунна тІе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цІий тхох хьаьрчар ду. Нагахь ахь оха деана гІуллакх гучудаккхахь, хьуна йинчу чІагІонах тхо а паргІат хир ду».
Выбор основного перевода