Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тахана цу шовданна тІе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахІиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь. Со, шовданна улло а хІоьттина, лаьттар ву. Хи дан йоІ еача, ас эр ду: ‘Соьга хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа’, – аьлла. Соьга: ‘Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи’, – аьлла, жоп делла йоІ Везачу Эло сан элан кІантана хаьржина зуда хилийталахь“. Со доІа дина валале шовданна тІе хи дан еара Ребикха. Цуьнан белша тІехь кхаба яра. Цо, шовда долчу чу а йоьссина, хи схьаийцира. Ас цуьнга хи дийхира. Сиха, кхаба охьа а яьккхина, цо суна хи делира, юха элира: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“. Ас хи мелира, цо сан эмкалшна а малийра хи.
Выбор основного перевода