Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исхьакхана леринарг муьлха ю хьоьжуш, цхьана билгалоне сатуьйсуш Іа со. Ас эр ду йоІе: „Хьайн кхаба охьаерзаехьа, хи мер дара ас“. Нагахь цо: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“, – алахь, суна хуур ду, иза цунна леринарг юйла а, Хьо сан элах къинхетам беш вуйла а». Иза, чІогІа хаза а йолуш, боьрша стаг шех кхетаза йоІстаг яра. Шовда долчу чу а йоьссина, шен кхаба хьала а юьзна, юхаеара иза.
Выбор основного перевода