Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хІара латта сан дуйла?» ТІаккха ГадІана Везачу Эле элира: «Хьо суна реза велахь, сан Веза Эла, суна билгало гайтахьа, соьга Вистхилларг Хьо вуйла хоуьйтуш. ДІа ма гІохьа, со схьаваллалц. Хьайна совгІат схьа а деана, иза Хьайна хьалха охьадилла пурба лохьа суна». Цо жоп делира: «Хьо схьаваллалц, собардийр ду Ас». ГадІана, дІа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кІел схьаеара цо. Делан малико ГадІане элира: «Жижиг а, хьокхамаш а хІокху тІулга тІе охьадахка, ткъа чорпа цу тІе охьайотта». ГадІана шега аьлларг кхочушдира. Маликан карахь Іаса яра. Цо цу Іасанан юьхьиг жижигах а, хьокхамех а дІаІоьттича, тІулгах цІе а яьлла, цу цІаро жижиг а, хьокхамаш а дІахьулдира. Ткъа Делан малик къайладелира. Иза Везачу Элан малик дуйла шена хиъча, ГадІана, кхеравелла, элира: «Ва Сан Хьалдолу Эла! Суна юьхь-дуьхьал гинарг Хьан Малик ма дара!» Аса хьаьттахь уьстагІийн тІаргІа дІабаржор бу. Нагахь санна цу тІергІана тІехь диллина тхи хилахь, ткъа гонахьа долчу лаьтта тІехь екъа хилахь, суна хуур ду, Ахьа ма-аллара, со бахьана а долуш Исраилан къам кІелхьардер дуйла». Керла ворда а яй, хІинцца бехкина болу, цкъа а дІабоьжна боцу ши етт цу ворданах дІабожа, ткъа церан эсий цІа дига.
Выбор основного перевода