Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъубана Рахьал езаеллера, цундела цо элира Лабане: «Ас ворхІ шарахь болх бийр бу хьуна, ахь соьга хьайн йоІ Рахьал яийтахь». Сарат бІе ткъе ворхІ шарахь ехира дуьнен чохь. Иза кхелхира КанаІан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаІ цІе йолчу (хІинца Хьеврон олучу) гІалахь. Сарат кхелхича, ИбрахІима, четар чу а веана, белхар хІоттийра. Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цІе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоІ а, арамхочун Лабанан йиша а яра.
Выбор основного перевода