Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, сан элан ИбрахІиман Далла, цуьнца тешаме а, дика а волу. Цо валийна со сан элан доьзалера йолчу йоІана тІе». Тахана цу шовданна тІе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахІиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь. Юха, корта охьа а таІийна, Везачу Элана, сайн элан ИбрахІиман Далла, хастам бира ас. Цо нийсачу новкъа кхуза схьавалийна со, сан элан вешин кІентан йоІ сан элан кІантана ялорхьама. Цу буссехь дуьхьал хІоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахІиман Дела ву. Цхьана а хІуманах ма кхера, хІунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тІаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахІиман дуьхьа дийр ду Ас иза». Амма Исхьакха хаьттира кІанте: «Акхаро ма сиха карий хьуна?» Якъуба жоп делира: «Везачу Эло, хьан Дала, гІо дира суна иза каро». Со хьан ден Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дІакъевлира, хІунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.
Выбор основного перевода