Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан къамел чекх ца даьллера, ИбрахІиман вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а кІентан Бетаалан йоІ Ребикха, белш тІе йиллина кхаба а яхьаш, шовданна тІе еача. Иза, чІогІа хаза а йолуш, боьрша стаг шех кхетаза йоІстаг яра. Шовда долчу чу а йоьссина, шен кхаба хьала а юьзна, юхаеара иза. Цунна тІе а вахана, ялхочо элира: «Хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа соьга», – аьлла. Иза шен дагахь доІа деш яра: цуьнан балдаш хьуьйш дара, амма цо дуьйцург хезаш дацара. Цундела Іелина иза мелла ю моьттира.
Выбор основного перевода