Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Веза Дела, – аьлла, дийхира ялхочо, – Хьо сан элан ИбрахІиман Дела ву, цунах къинхетам а бай, таханлерачу дийнахь цуьнан кІантана зуда каро аьтто бехьа сан! ХІокху шовданна йистехь лаьтташ ву со. ГІалара мехкарий богІу кхуза хи эца. Исхьакхана леринарг муьлха ю хьоьжуш, цхьана билгалоне сатуьйсуш Іа со. Ас эр ду йоІе: „Хьайн кхаба охьаерзаехьа, хи мер дара ас“. Нагахь цо: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“, – алахь, суна хуур ду, иза цунна леринарг юйла а, Хьо сан элах къинхетам беш вуйла а». Амма ялхочо элира: «Со сеца ма вейша. Везачу Элана сан некъ кхочушхила лиъна, сайн эла волчу дІавахийтийша со».
Выбор основного перевода