Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархІ кІентан нана ю, ткъа ИбрахІиман ваша Нахьир церан да ву. Везачу Элана хастам беш, лохха охьатаьІира ялхо. Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, сан элан ИбрахІиман Далла, цуьнца тешаме а, дика а волу. Цо валийна со сан элан доьзалера йолчу йоІана тІе». Иштта боху Везачу Эло, хьо КІелхьардоккхучо а, Исраилан халкъан Везачу Дала а: «Со Веза Эла ву, хьан Дела, хьуна пайденна дерг Іамош волу, хьо ваха везачу новкъа дІавуьгуш волу.
Выбор основного перевода