ХІокху шовданна йистехь лаьтташ ву со. ГІалара мехкарий богІу кхуза хи эца.
Исхьакхана леринарг муьлха ю хьоьжуш, цхьана билгалоне сатуьйсуш Іа со. Ас эр ду йоІе: „Хьайн кхаба охьаерзаехьа, хи мер дара ас“. Нагахь цо: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“, – алахь, суна хуур ду, иза цунна леринарг юйла а, Хьо сан элах къинхетам беш вуйла а».