Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цІе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цІе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХІаронан ши йоІ яра. И дерриг а хиллачул тІаьхьа ИбрахІиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хІинца бераш ду. Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархІ кІентан нана ю, ткъа ИбрахІиман ваша Нахьир церан да ву. Со доІа дина валале шовданна тІе хи дан еара Ребикха. Цуьнан белша тІехь кхаба яра. Цо, шовда долчу чу а йоьссина, хи схьаийцира. Ас цуьнга хи дийхира.
Выбор основного перевода