Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дІакховдийначу куьйгаца чІагІо йо ас, арвадихой, цІемархой, хьаматхой. Цул тІаьхьа КанаІанан тІаьхье дІасаяьржира. КанаІанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦІадан-гІалара дуьйна къилбехьа йолчу ГІарар-гІала тІекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Іази-гІалара дуьйна малхбузера Седам а, Іамор а гІаланашна тІекхаччалц, иштта Удам а, ЦІабайма а гІаланашкара дуьйна ЛашаІ-гІала тІекхаччалц. Шен шовзткъа шо кхаьчча, Іесава хьетахойн ши зуда ялийра: Беарин йоІ ЯхІудит а, Эйлонан йоІ Басамат а. Цу захалонаша Исхьакхан а, Ребикхин а дегнаш тІехь сингаттам латтабора. Якъуб шена тІе а кхайкхина, иза декъалвинчул тІаьхьа цунна тІедожийра Исхьакха: «КанаІанхойн зуда хьайна ма ялаелахь. Кхузара дІа а гІой, Падан-Арам олучу метте гІо, хьайн ненада Бетаал ваьхначу цІийне. Цигахь Іаш хьан ненан ваша Лабан ву. Цуьнан цхьа йоІ ялае. ТІаккха кхийтира Іесав, шайн дена канаІанхойн зударий ца безийла. Церан мехкарий хьайн кІенташна ма балабе, Везачу Элера дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттар цу мехкаршка хьайн кІенташна ца Іамадайта. Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь?
Выбор основного перевода