Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Веза Дела, – аьлла, дийхира ялхочо, – Хьо сан элан ИбрахІиман Дела ву, цунах къинхетам а бай, таханлерачу дийнахь цуьнан кІантана зуда каро аьтто бехьа сан! Тахана цу шовданна тІе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахІиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь. Юха, корта охьа а таІийна, Везачу Элана, сайн элан ИбрахІиман Далла, хастам бира ас. Цо нийсачу новкъа кхуза схьавалийна со, сан элан вешин кІентан йоІ сан элан кІантана ялорхьама. ХІара Ребикха ю хьуна, иза, схьа а эций, дІайига. Хьан элан кІанте маре гІор иза, Везачу Элана лууш ма-хиллара». Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гІаж бен хІумма а яцара, ткъа хІинца сан шина тобане бекъна бахам бу.
Выбор основного перевода