Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура. ХІунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла. Цо дерриге а къаьмнашна тІехь олалла до. Дала вай декъалдо, лаьттара массо а маьІІера адам Цуьнга болчу ларамах дуьзна хилийтархьама. Цу дийнахь халкъашна тІехь кхел а йийр ю Цо. Ткъа латта декъех дузур ду Цо. Лаьттара массо баьччанаш а хІаллакбийр бу Цо. И хІуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дІахІуттур ю. Мисархоша, шайна мостагІаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргІатбохур бу уьш, царна тІе уьш кІелхьарбохург а, гІодоккхург а вахийтина. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц. Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац. гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агІор дуьне тиладалар. Цул тІаьхьа, Дала леррина Къобалвинчо стигалара массо а куьйгалхой а, ницкъаш а, олахой а хІаллак а бина, Да волчу Деле паччахьалла дІаделча, дуьненан чаккхе хир ю. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду». Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.
Авдий
1
Выбор основного перевода