Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Цул тІаьхьа кхенахой гира БалиІамна, цо иштта дешнаш элира: «Шу Іаш долу меттиг онда дІахІоттийна. Шун бен тархан лакхенгахь бина бу. Амци-ЯхІус Дуьра тогІи чохь итт эзар эдомхо хІаллаквира. ТІамца СилаІ-гІала схьа а лаьцна, цунна Якхтаал аьлла, цІе тиллира цо. Тахханалц а цу гІалин цІе изза ю. Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. «Муабин кураллех лаьцна хезна тхуна, цуьнан деза деттарх а, дозаллах а, чуьравийларх а хезна. Амма цуьнан деза деттар эрна ду». ТогІин яхархо йолу Ярушалайм-гІала, тІапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, – боху Везачу Эло. – Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дІалечкъийла цхьаммо а дІалоцур яц“. Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Іийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гІайгІанехь а хилийта иза. ХІунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Іаш ю. Со йисина Іаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гІайгІане!“
Авдий
1
Выбор основного перевода