Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
«Бавел-гІалина тІелата схьакхайкха массо а секхаІад карахь долчаьрга. Схьаваийта хІора секхаІад дула хууш верг. ГІалина го бе, цигара цхьа а ведда кІелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хІунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу! Хуша а, ПІатІа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваІданца беллачу махкара бахархой а туьро хІаллакбийр бу’. Цундела дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – уьш цабезарна ахь царна гайтинчу цабезаме а, эмгаралле а хьаьжжина, Со хьоьца а хир ву. Аса хьуна кхел ярехула царна хуур ду, Со муха ву. Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хІинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеІир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“». ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хІунда аьлча ахь адамийн цІий Іанийна, иштта мехкашна а, гІаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.
Авдий
1
Выбор основного перевода