Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоІан-гІалина а, Хьанас-гІалина а тІекхаччалц белахь а, Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Цара эр ду: «ХьалагІовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тІамца цунна чугІуртур ду вай». Амма тІаккха эр ду: «Жолам! ХІинца тІаьхьа ду: суьйре тІееана, суьйренан ІиндагІаш дахлуш ду. ХьалагІовтта, буьйсанна тІе а летта, Ярушалайман гІепаш йохор ю вай». Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? Дадданан бахархой, бовдий, дІагІо кхузара, хьехаш чохь дІаловчкъа, хІунда аьлча Іесаван тІаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таІзар даран хан схьакхаьчна. Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багІахь, таьллангаш тІехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багІахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те? Амма Аса Іесаван тІаьхьенан мел долу хІума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дІалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дІабохур бу. Эдоман тІаьхьенах цхьа а вуьтур вац. Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Іаш болу зударий а Сох тешна Іан мегар ду». Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таІзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таІзар даза хьо хІунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таІзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таІзаран кад мер бу! Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю». Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тІе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тІамца чугІорта. Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло. «Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича. Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонахара гІаланаш а йохийна дІаяьхначул тІаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? ЛадогІал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гІалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дІакхоьхьур бу аьлла. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Эдом южуш яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хІорд болчу кхаччалц дІахезаш хир ду. Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тІедеанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Бацар-гІалина тІехула. Эдомхойн тІемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду». Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхІудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чІогІа бехке а хилла. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хІаллакдийр ду. Теманна тІера Дадданна тІе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хІаллаквина а хир ву. Сан къам долчу Исраилан халкъан гІоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТІаккха цара Сан оьгІазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хІума дийр ду цигахь. ТІаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло. Мисар-махках яьсса аре хир ю, ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю. Иза хир ду царна яхІудхошна цара ницкъ бар а, ЯхІуд-махкахь бехк боцучеран цІий Іанор а бахьана долуш.
Авдий
1
Выбор основного перевода