Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Эпрайман а, ЯхІудан а къам, малхбузехьа а дахана, пІелаштамхошна тІелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Іамминан халкъ муьтІахь хир ду цушинна. ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашкара а, Ярушалайм-гІалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхІуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагІанаш, кІен сагІанаш, хаза хьожа йогІучу хІуманийн сагІанаш, баркаллин сагІанаш Делан цІа долчу схьадахьар ду. Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу. Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», – боху хІара дерриге а деш волчу Везачу Эло. И мохк ЯхІудан цІийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гІалин цІеношкахь сарахь садоІуш Іийр бу уьш, хІунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахІоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела.
Авдий
1
Выбор основного перевода