Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Авдий
1
Параллельные места
Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. ЯхІудхойн паччахьан цІа чохь бисина болу зударий хашадхойн хьаькамаш болчу дІабуьгур бу. Оцу зударша, хьох бела а буьйлуш, эр ду: „Хьан тешамечара хьо ле ма вина, хьан доттагІаша хьо къера ма хилийтина. Хьан когаш саззи юкъа ма бахана, хьан доттагІий хьуна гена ма бевлла“. Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хІунда аьлча чаккхе цхьана ханна дІатеттина йолу дела.
Авдий
1
Выбор основного перевода